«Урок-сценарий: «Нана хьоьца ду сан ирс».»

Адамийн дахарехь наноша лелош долу маь1на, шен дуьхье кхиалуш воцуш, 1аламат доккха ду. Наноша дахар ло адамашна. Царна хастамбеш, беран мата т1е дуьххьара дуьжуш долу дош: «Нана!» ду. Т1аккха, ши биши а лоций, ког бакхха 1амадо наноша шайн бераш. Иштта уьш дахаран бокххачу новкъа доху. Шен доьзалхо д1аваханчу новкъа хьоьжуш, иза буха ца вог1у-те, бохуш б1аьрса арт даллац 1а наной.
Вайн нанойн аганан иллеш дерриге дахарехь вайца цхьана некъ беш хуьлу оцу хьокъехь язйина ю поэташ х1ара стихотворени:
Алахьа, нана сан аганан илли,
Гой хьуна, со-м х1инца а бера ма ду, нана.
Гот ма е хиларх сан шераш т1ехтилла-
Доьху хьоь, аганан илли сан ала.

Хьо ю со 1амийнарг комаьршаллина,
Адамех теша а, уьш даггах деза.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Сан деган безаман мерз иза беца.

Гой хьуна, беза мохь белшаш т1ебилла,
Нигат ду халкъана йовхо луш вала.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
1амавеш дош деган чарха т1ехь ага.

Тешалахь:валлалц со набарна
Кийча ву сахиллалц ладег1а хьоьга.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Шерашца, ц1ий д1ауьгйи, и дагах доьлла.

«Буьйса ю тховсенан ша цхьаъ да Хилла
Седарчийн цинцаша зарзйина, текхош.
Со тиша, нана, хьан аганан илли
Ден д1аьндарг карор яц. И хир ду дехаш.

Дахаро цхьа дика кхаъ беача,иза бекъа нана лоху вай. Бохаман сахьтехь нана лоху вай. Оцул докххачу хьурмате бу-кха вайн наной. Веза-вокххачу Делан къинхетамах ма йоккхийла цхьа а нана.
Вайнехан наношка, делахь-х1ете, берте зударшка Лерам шатайпа хила,- луьра а, баркалле а. Азаллехь дуьйна а охьадог1уш г1иллакх ду вайн. Масалла, ишттаниг:
Стаг велча-юьртахь зударий боьлху.
Зуда лахь-юьртахь зударий боьлху.
Тезетахь божарий г1айг1ане лаьтта.
Б1аьргеххи ца гойтуш, ойлане лаьтта.
Г1иллакх ду иштта и, схьадеъна ломахь.
Амма кхин цхьа г1иллакх схьадог1у ломахь.
Ц1ий 1ано дов г1аттахь, дош даше даьлча
Дов духу, зударийн мохь-ч1ог1а даьлча.

Вайх х1ора ларван уьш ницкъ болу Хилла,
Х1оранга там бан уьш комаьрша Хилла,
Ткъа тахна тезет ду. Зуда д1аяьлла
Дахаран х1у тесна, иза д1аяьлла.

Хьаста вай и цкъа а кара ца эцна
Ткъа тахна хьуш ю и белшаш т1еэцна,
Делхийша, адамаш! 1ийна мА лаьтта?
Зуда яц-нана ю кховдош ерг лаьтте?

Кхин а цхьа г1иллакх Хилла нохчаша лардин.луьра лардин Нохчаша пурба луш ца Хилла шайн доьзалхошна новкъана не1алт кхайкхо, цхьа хьовзош нисбелча. Х1унда аьлча:
Хьо араваьлла некъ мел боьхна барах, бакъо яц хьан не1алт кхайкхош. Хаалахь:цу новкъа хьо вог1уш ларвеш, нана ю, сена там байна. Ишттачу хьехамца хьекъал луш Хилла дас нанас.

Х1аъ иштта олуш Хилла дас шеен к1енташка, вокххан волчу вашас жимачуьнга. Хала-м дерахета заманца и г1иллакхаш херлуш хилар. Цундела тхуна, хьехархошна, дай-наношна чул а алсам, т1ехь ду вайн дайша д1акхехьна оьзда г1иллакхаш шуна х1ора денна карладахар, шуьга уьш дагахь латтархьама, лардойтар хьаша. Ткъа амма уьш шайн гонехь нисбелчаьрга д1алур ду.
Цара-шайн гонехь нисбелчаьрга. Хазделла, хьаг1-гоманах ц1анделла, бертахь, мерза д1ах1уттур ду дахар. Хаалаш:наной шайга белабелла хьаьвсича, церан и ирсе къажар дагахь а латтош,шайн нийсархошка д1аделча, уьш а шаьш шайн наношка дуьхьал, мерза-к1еда къежна, маракъевлина бистхила тарло. Оцу муретехь мел самукъадаьлла, екхаелла д1ах1уттур ю х1ор нана. Лаа олуш мА дац вайнаха: да-нана къинт1ера ца даьлла доьзалхо эхартахь 1азапехь хир ву,ялсаманах даха цуьнан дог а дац. Х1етте шеен доьзалхошца даима деле доьху нанас шеен Бер. Вайн цкъацкъа, кегамерса хетий делахь а, я мало яхь а, тидамца дуьту цхьадолу х1уманаш. Масала,новкъа юккъехь ларамаза нисбелла, я цхьамма охьакхоьссина т1улг, ткъесо лергина охьадоьжна, диттан год1а а даькххина, шайл т1аьхьа бог1учарна некъ шарбар долуш сана х1уманаш. Оцу хьокъехь а поэта аьлла:
Новкъа т1ехь 1уьллу т1улг юьстаг1 д1абакхха,
Мало еш т1ехвалахь хьо,
Сапарг1ат хир мА яц хьан нана т1акхха.
Кхоьрур ю: тасалуш кхетарна хьо
Цуьнца йог1уш ю х1ара байт.
Хьан куьг-м д1ахийци нанас,
Жима к1ант, кхера мА лолахь,
Хьал-хьалха-м, некъ хьуна шарбеш,
Хьан нана-м хилий кху ломахь.
Кхин а ду:
Велахь хьо к1иллошках,
Кхерамца ч1еркъаш,
Хьан ненан юьхь 1аьржъеш
Дуьйцур ду некъаш.

Гой шуна мел дукха ду вайн нехан 1едалехь. Нанойн сий даре, хастам баре, цаьрца к1еда-мерза хиларе кхойкху, вай шеш х1ора денна, х1ора бокххачу когаца лардаре кхойкхуш оьзда г1иллакхаш. Уьш дукха хиларнабахьана а ухьаъ хила тарло:цхьана а поэтана, яздархочунна, царах нанойх дукха яздахь а, цхьана а психологана, 1илманчина сила докххачу кху дуьнен т1ехь буьззина Ненан мах хадо ца Белла. Цундела массара а шайн декхар лору ненах шеен лош алар. Иштта схьадог1уш ду Адаме дуьнен т1е даьлчахьана. Амма цкъа а кхачор яц нанойх йоху байташ иллеш, яздархоша царех язъен произведенеш. Шайн талламаш д1ахьур бу лоьраша-психологаша, 1илманчаша. Амма наной, х1ора дуьне сана, йокхха къайлехилла д1акхочур бу т1аьхьарчу т1аьхьенашка. Цундела кхайкхамбо аса: такхамехь пусур де, Лера, хастамбе, шайн нанойн. Кхана т1аьха хир ду. Ахьа юьхьдуьхьал д1акхийкхийна безам даге д1акхочур бу. Бакъ волчу доьзалхочо иза дан а деза.
Ткъа х1инца вай ладоьг1ур ду Аша 1амийначу нанойх стихашка:
Бераш стихаш йоьшу.
«Нене»
«къанъяллалц яьхна кхерч
Д1атаса атта дац»,-бохуш,
Хьо еха лаьмнашкахь,-
Яьхначу, кхиъначу юьртахь;
Генара, гергара
Некъ иза хьаша-да вог1уш,
Комаьрша, дог ц1ена
Хьаша т1еэцначу кертахь.

Мел хаза хан яра-
Дахарехь йицлойла доцуш:
Цхьатерра хи сана,
Барт болу доьзал а кхиъна
Денош-м д1ауьдура.
Йист йоцу марзонаш оьцуш,
Да 1ара там Хилла,
Уьй1арчу дитта къел хиъна.

Шеен берийн куьйгашца
Хьанала хьанала къинхьегам гаро,
Яхь-г1иллакх, сий-ларам-
Уьш дара дегнашца лелам.
Дахарехь хьаштхиндерг
Дас, нанас берашка лора,
Хьехамийн аз г1иттош.
Олура:»Варийлаш бераш, бераш»

Вайн кертахь болу некъ
Кхоллало гоьннашка боькъуш,
Цхьаццанхьа кхиссина,
Вай х1инца цхьаццанхьа деха.
Хьо цигахь цхьаъ йиси,
Буйнаца юткъа г1аш йоьдуш,
Д1адевларш марзонца
Ойланийн б1арлаг1ашлахь Леха.

Цхьа ирс ду ненан,
Кхеча, дуьненна
Шеен к1ант д1авалар.
Къентан д1авалар.
Къентан ирс-валар,

Къевсина мехкан дов.
Вайн ага техкадо
Наноша цу денна,
вай дала дуьненна.

«Докхха дош».
Ненал деза, хьоме, мерза,
Сийлахь х1ума цхьа а дац!
Даймохк санна
Цхьаъ ю нана.
Царех хоьгург ирсе вац.

Ас цундела дуьллу Нана
Дерриг дакхий элпашца.
Сайн ницкъ хилча,-
Дуьллур дара
Стигла мел ю маьлхаца!
«Ненан до1а»
Моьттура сунна сайн
Къанъелла нана
Ехаш ю, ца бевзаш
Дуьненан бала
Хуьлийла Ане,
Ца хаьа заманах
Ойлане яла.
Амма, цкъа сатоссуш,
Хезна цхьа тийна
Шабарш, со д1ахаьжча,-
Х1оьттина гора,
До1анехь куьйгаш шеен
Стигал кховдийна,
Ницкъболчу Аллах1е
Дехарш цо дора.

1ара со тапъаьлла,
Ненах цаьцваьлла,
Дахарехь дегочу
Озе ладоьг1у.
Тк1а нана-м хьесталуш
Везачу дала,
Йоллура даггара
Къинхетам боьхуш.

Адмашна гечдар цо
Доьхура деле,
Къинхетам боссабар
Дегнашчу церан.
Доьхура нисбан ницкъ
Г1уллакх дан меле
Шайт1анша 1ехийна
Галбевллачеран.

Доьхура даггара,
Делах шентешна,
Дицдар цо адмашна
Зуламе девнаш,
1аламбар бисинарш
Цхьалха де эшна,
Доьхура мацаллех
Лардар цо бераш

Доьхура меттахь цо
Латтабар кхетам
Дуьнен паччахьийн
Тхьамданийн, къонойн.
Доьхура д1абакххар
Цо т1еман кхерам,
Ца белхар шаьш винчу
Къенташна наной

Нана-м сан ца ехи
Цул т1аьхьа еха,
Амма ду дехаш и
Цуьнан до1а-дехар


«Гечделахь, нана».
Сан нана, хьо стена ойлане оьжна?
Кийра хьан богу-те, г1алат соьх доьжна?
Реза еш, со ц1ергахь вага ву кийча,
Дог а ду детталуш довхачу ц1ийца

Амма го хеназа къежбелла корта,
Халонаш дахарехь лайна ахь шорта
Нана, хьан дикалла кхачаяц, йийцарх,
Дешнашца ларавац безам хьоь бийца

Хийла соьх г1алатло йоьжна а хир ю,
Б1аьргех хи даллал дог 1овжийна хир ду.
Делахь а, нана, сох къинхетам белахь,
Дийлинчу г1алатийн хьесан мА делахь.

«Ахь сунна гечделахь».
Даймехкан латта т1ехь
со т1ома яьккхинарг,
Даим со 1алашъеш
г1аролехь лаьттинарг,
Хьо дагна йиц ца ло
хьомсара сан нана.
Дахаро къастийна
со гена яларх а,
Бахаман совбаьлла
дашо некъ кхаларх а,
Хьарг1анах сан корта
къежбелла баларх а,
Хьо дагца ехар ю,
хьомсара сан нана.
Мелла а леларх.
дахарехь хьан сий деш,
Мел дика хьо кхабарх
ахь санна т1алам беш
Ер яц со хьан декхарх
цуьнах ду сан иллеш
Амма ахь гечделахь,
хьомсара сан нана.


Схьабийца,- эли цо,-
Соьга мерза - пондар,
К1ант валар цо нене
Д1адуьйцур ду.
Ницкъ кхочур бу цуьнага
Ненан кхаъ ла атта
Цунна хир ду.

Кегийчар кховдийра
Мерз пондар цунга,
Тобанна хьалха и
Велира тов.
Боьлхура, бекара
Сов буткъа мерза,
1ийжара х1оранна
Дог т1ера чов.

Къант вина, кхиинчу
Керта а кхаьчна,
Кортош а охкийна
Т1емалой 1аьш,
Барма т1ехь валинарг
Ца везаш, йоьхна,
Пондаре ладоьг1уш
К1ант винарг 1а.

Шийлачу шовданан
Декаре буьйцуш,
Аганан ховначу
Иллех тарло.
Буьйсанна мерзачу
Набарха юьйлуш
Нанас шеен к1ант кхиор
Дуьцура цо.

Пондаро дуьцура
цхьаъ Бен кхин воцуш
мел кезаш кхиийра
нанас шеен к1ант
сийлахьчу бокххачу
безамах боьлуш,
мерзошца дегош ду.
Илланчин куьг.
Цо лаьмнийн аз.
Шело сов 1аьткъина
Лаьмнийн шаш лелхар
Дуьйцучух шагделлера
Пондаран мерз.

Ткъес тоьхча сана г1ов
Лаьмнаша даржий
Деса ца техкийна
Цу к1анта ага!
Махкана, халкъана,
Турпала Хилла ю
Иштаниг нана.

Дерзоран дош. Тахана х1окху классан сохьтехь вайх х1ора а вайн наношка кхечу б1аьргашца, кхечу дог-ойланца хьоьвси, аьлла дегайовхо а юьсуш, ненахкъамел дерзо луур дара сунна.

Ненан куьйгаш.
Лаьмнашкахь дехаш Хилла наний, к1антий. Шеен оьмар чекхъяьлча кху дуьненахь. Якхха нана д1акхелхина. К1ант ша висина. Т1акхха иза ц1еххьана аз- вала волавелла. Нана д1акхалхаран г1айг1а тохара чекхъялла, цуьнан сагаттдеш х1умма дац:даа-мала-шортта ду, юучух чам баьллаа вац. Х1етте а де-дийне азлуш схьавог1уш ву.
Дарбанхоша а, х1ума хуучанна а т1екхийлира иза. Амма дарба ца карадо.
Ницкъ а эшна, мета охьавижира к1ант. Кхин дан амал а ца Хилла, цуьнан гергара нах г1араваьллачу шайхана-х1ума хуучу стагана т1ебахара. К1антаца къамел дича, цунна хиира иза нана елчахьана азлуш хилар. Шайхо элира:
Цунна токххе шеен нанас куьйга кечбина кхача а Бен бацара. Иза толу рву, нагахь сана Аша цуьнан ненан куьг кхетта кхача баахь. Кхин дан дарба дац.
Кхача а кечбина, ненан коша т1ебахана уьш. Каш аьхкина, ненан дак1аделла дег1 карийна царна. Т1акхха, ненан куьг хьала а айдина, кхача чохь болу шуьнах хьакха-далийтина.
И кхача биъна к1анта. Г1олий Хилла. Оцу дийнахь дуьйна т1еван волавелла иза. Дукха хан ялале то а вела.
Ненан куьг дарбане ду стенах хьакхаделча а.













Сценари

«Нана, хьоца ду сан

ирс а,

ас мел ен ойла а».





Хьехархо: Илясова Д.Х.

Приложенные файлы


Добавить комментарий