Урок встреча в 11 «а» классе. «Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш, цуьнан халкъах, махках доглазар».


Урок встреча в 11 «а» классе.
«Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла.
Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш, цуьнан халкъах, махках доглазар».
386715226695
Учитель чеченского языка и литературы: Илясова Д.Х.
МБОУ «СОШ № 60» г. Грозный
Урокан чулацам: Рашидов Шаидан поэтически кхолларалла. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш, цуьнан халкъах, махках доглазар. Стихотворени «Шийла февраль».
Урокан 1алашо: 1.Рашидов Шаидан дахарх а, кхоллараллех а болу хаамаш шорбар.
2. Турпалхочун ойланаш, синхаамаш, цуьнан доглазарх йолу ойланаш дешархошна йовзийтар. Дешархойн къинхетаман а, доттаг1аллин а, безаман а синхаамаш кхиор.
Уьн т1ехь:
«Адамна луш вацахь йовхо, «Юха а де доьду даьлла,
Эрна ду дуьнен т1ехь вахар. Дахар а дацдели вайн.
Оьзда ву, дог ду хьан довха, Дика болх ца бинехь цхьанна,
Баркалла боху ас, наха» Иза а т1епаза дай»

Урок д1аяхьар
1. Хьехархочун дош
а) Хьешийн де дика дар.
-Х1ора классехь а, алссам сахьташ ду Рашидов Шах1идан кхоллараллина лерина.
Тахана вай, Рашидов Ш. кхоллараллех а, дахарх а долу хаарш шордеш, цуьнан «Шийла февраль» стихотворени т1ехь болх бийр бу.
Со тахана йоккхае вайн халкъан поэт, прозаик Шах1ид Рашидов шуна вовзийта сайн аьтту баларна. Шаид, хьайга оха кхайкхича, тхо лара а лерина, варна хьуна баркалла ала луур дара суна. Дала сий дойла хьан! Дела реза а хуьлда хьуна!
Нохчийн поэтан, прозаикан Рашидов Шах1идан ц1е дика евзаш ю вайн махкахь а, махкал арахьа а. Иза вина 15 ноябрехь 1940 шарахь Гуьмса-районерчу Энгель-Эвла ц1е йолчу юьртахь. Хин волчу поэтан 4 шо а ца хилла 1944 шарахь вайн махка бала боьссинчу 23-чу февралехь.
Хьан эр дара, х1ун хиллера цу дийнахь?
Цу дийнахь вайна ма-хаъара, харц ц1е а тиллина, бехк а боцуш махках даьккхира вайн къам. Шаидг1еран доьзал Г1ум-Ази Г1ирг1азойн махка нисбелира.
Делахь а уггар а хаза бералла хила езачу хенахь гина Шаидана и 1аьржа бодане денош. Цигахь д1акхелхира Шаидан воккхах волу ваша. Ша дуьненчохь мел веха цкъа а иза вицвина ца лела Шаид. 60 шо герггеь хан яьлча, цо яздийр ду:
Воккхачу вешел а со воккха хилла.
И висна Таласан бердашкахь
1илла, 1ожалло, шел оно, балано аьхьна.
Вайна ма-хаъара, цу хенахь пачхьалкхо даккхий зуламаш дира къаьмнашна, йоцу ц1ерш а тохкуш. Ойла йича, кхин масалш ца далийча а, пачхьалкхера йоккха ямартло ю аьлла хетта суна диъ шо кхачаза волу к1ант «Халкъан мостаг1» аьлла ц1е а тиллина, махках ваккхар. Вайн къоман олуш хьекъале цхьа кица ду: «К1охцал долуш дуьйна хуьлу ира».
Кхо шо бен ца хиллехь а, хир волу поэт ира хьекъал долуш, шуьйра кхетам болуш хиларе терра, цунна дагадог1у шайн арадахар. Ткъа цу хенахь Шаидан да Рашид, шен дег1, са а ца кхоош, даккхий хьуьнарш а гойтуш Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1ам т1ехь дакъалоцуш хилла.
Советски Союзан Турпалхочун ц1е тилла хьалха теттина хилла Рашид, амма и нохчо хиларна дисина и г1уллакх.
Г1ум-Азин арахь ша даьккхинчу 13 шарахь дайн лаьтте, хьомечу юьрте, бераллин г1енашкахь а бен ца бисначу Даймахке сатуьйсура к1анта («Со х1инца хьоьца ву, Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени д1айоьшу 11-чу классан дешархочо Исаева Азас):
Геналлехь Даймахках цхьа илли хезча,
Б1аьргех хи хьодура, лууш и ган.
Лекхачу лам т1ера малхбузе хьежча,
И гур бу моьттура дог 1абош цкъа.
Гинарш ас дуьйцура хеттаршца нене:
«Мел хаза мохк бара геннахь схьагуш,
Юй те и ахь суна йийцина гене?
Х1унда яц и суна парг1ато луш?»
Сада lap, тем байна, балано лаьцна,
Бераллин шераш д1аихира сан.
Цхьа ваша 1ожалло вигира хьаьшна,
Цунна ца доьг1нера вина мохк ган.
Бердашлахь висира, ца карош лехарх,
Таласан лаьмнашкахь барз боцуш т1ехь.
Х1ун дара вешина шен вешел меха?
Карийнехь, ц1а валор вара и гехь.
Т1аьхьо со кхийтира, хан яла йоьлча,
Кхечира къасторан къаьхала соь.
Кхийтира, сатуьйсуш дог 1ийжо доьлча.
Ас лоьхург хиллера сан Нохчийчоь
Ткъа махка вирзича, теллира аре,
Бацалахь лехьийра пет1аматаш.
Даржийна хетара кхаш т1ехь ц1ен дари,
Воьдура гена д1а к1ад ца луш, г1аш.
Х1ара бу сан даймохк, б1аьрхишца лехнарг,
Ерриге сан деган йовхо ю хьоь.
Х1ума дац дуьнен чохь сийлахь, хьан меха,
Со х1инца хьоьца ву, сан Нохчийчоь!
Баккхийчара шайн до1анашца, кегийрхоша эшаршца, иллешца хестабора, Деле боьхура нана-Даймохк.
Шаидана гора, нохчийн илли олуш а, я ладуг1у йиш локхуш - «Маржа дуьне - я1-кх» олий баккхийчеран б1аьргех хиш довлуш:
Вилхира, пондар мел хезнарг,
Нисбина сеттина букъ,
Паьттира массо са лезнарг,
Яьстина йихкина юкъ.
Иштта, дагах чекх-дуьйлуш, дешнаш долу «Пондаран аз» шен стихотворени лерина Шаида вайн нохчийн сийлахьчу артистна пондарлакхархочунна Димаев 1умарна. (ладуг1у «Пондаран аз» иллега):
Дара и юккъерачу Азехь,
Хезча хьан пондаран аз,
Бацара вайнах вон ганза,
Массарций йоллура вас.
Мукъамаш хаза йиш йоцуш,
Яьккхира кхойтта шо хан,
Ц1еххьана баланаш отуш,
Билхира и пондур хьан.
Билхира, сий айдеш халкъан,
Дайн лаьмнех, аренех, хих,
З1аьнарш т1е1енаеш маьлхан,
Ойланаш яхарца ирх.
Вилхира, пондар мел хезнарг, Нисбина сеттина букъ,
Паьттира массо са лезнарг,
Яьстина йихкина юкъ.
Дохура вовшашка кхаънаш,
Мел доккха де дара и!
Дирзира даг чуьра даь1наш,
Севцира ихна б1аьрхиш.
Моьттура, дерриге 1алам
Доьлуш ду хилларг схьагуш,
Бегира боьссина бала,
Нахана парг1ато луш.
Дара и-м юккъерачу Азехь,
Мел лайнарш ца дуьйцу ас,
Тахана, тхоьца хьо вацахь,
Дека хьан пондаран аз.
Вай хьалха ма-аллара, Шаидан кхиар г1ирг1азойн берашца дара. Церан маттахь яра цо 7 кл. чекхъяккхина школа а. Шен дуьхьарлера стихаш а церан маттахь язйира къоначу поэта. Цу хенахь Шаида даима а сатуьйсура генарчу Кавказе. Сатуьйсура массо а шен халкъаца цхьана.
Кхойтта шо, и ю-кх вайн халкъан
дахаран къиза календарь.
Иттанаш, б1енаш эзарнаш
Синош д1аделла долу 13 шо;
4 эзар 7 б1е сов буьйса махках даьхна.
(Стихотворени «Кхойтта шо»д1айоыну 11-чу классан дешархочо Рашитова Хадижата):
Кхойтта шо, кхойтта шо зама,
Пхи эзар сов 1аьржа де,
Б1е эзар сов 1 аьржа бала,
Кхин цхьанна ма байла т1е.
Дийг1ана чарташ а доцуш,
Хийрачу махкахь диси,
Хийланиг кошан барз боцуш,
Бехкечех дайна сий.
Iожалца къийсаме бевлла,
Мацаллехь 1 ни шина буц,
Эзарнаш бистина белла,
Довш сибат, адамийн куц.
Генарчу Даймахке кхойкхуш,
Дерриге ирс цуьца гуш,
Стогалла цуьрг а ца йойуш,
Эгна дай синош д1алуш.
Кхойтта шо, къизаллин зама,
Пхи эзар сов 1аьржа де,
Б1е эзар сов 1аьржа бала,
Муха и дицлур ду те?
Шен 13-14 шо кхаьччахьана, xlopa дийнахь бохург санна стихаш язйора Шаида.
Уьш зорбане йийла йолаелира 1954 шарахь. 1957 шарахь Даймахка ц1авирзича, кхиъна вог1учу поэтана шен дагчохь ма-хиллара хаза а, исбаьхьа а карийра Нохчийчоь.
(«Сан Нохчийчоь» ц1е йолу стихотворени д1айоыну 11-чу классан дешархочо Хамзатханов Идриса)
Нохчийчоь, тахана елахь а беркъа,
Хьоьца ду самукъа, ойланаш сан.
Дег1е сан ницкъ бог1у хи мелча Теркан,
Мехкарша башабо кийрара ша.
Хета хьо массарел сирлачех седа,
Шелвелча вох а во, воьжча rlo до.
Адамаш оьзда а, г1иллакхе хета,
Шовданан хино а дагна там бо.
Синтеме хьоьжуш 1а лакхалле ломан,
Сибат и хеталой къонахчун вайн.
Бераллехь санна дог дуьйлу сан т1ома,
Б1аьстенан бацалахь ког боккху байн.
Къаьстича къахьделла д1аоьху денош,
Диллина, виллина сатуьйсуш 1а.
Нохчийчоь, хьан ницкъ бу со ирахь лелош,
Хьоьца бен ца хуьлу сан дагна там
Ц1адирзинчул т1аьхьа Шаида чекхйоккху хьехархойн институт. Цул т1аьхьа, шен дахар школаца дузу цо.
Цо дуккха а шерашкахь хьехархочун а, школан директоран а, районан дешаран декъан хьаькаман даржашкахь болх бо.
«Къинхьегаман ветеран», «РСФСР-н халкъан дешаран отличник» боху сийлахь ц1ераш техкина цунна 1едало.
Шаидан стихаш зорбане юьйлу республикан, районан газеташ т1ехь а, «Орга», «Вайнах», «Стела1ад», «Нана» - журналаш т1ехь а.
«1уьйренан тхи», «Седарчийн буьйса», «Сатийсар», «Дайн латта», «Ломара ц1е», «Дахаран аре», «Ненан б1аьрхиш» - 1д1ерш йолчу поэтически книгин автор ву Рашидов Шаид.
Поэтан стихаш дуккха а кхечу къаьмнийн матте а яьхна.
Оьрсийн маттахь араяьлла Шаидан «Родниковое утро», «Мои тополя», «Исток».
Шаида 19 поэма а, 16 легенда а язйина. Иза автор ву прозехь язйинчу произведенийн: нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь хиллачу «Къайле» ц1е йолчу повестан а, масех дийцаран а. (Карарчу хенахь ша стенна т1ехь болх беш ву поэта ша дуьйцур ду вайна)
Кхид1а суна билгалдан лаьара 1967-чу шарахь д1аяьхьначу республикански литературни конкурсехь рашидов Шаидан «Пот1а барз» ц1е йолчу поэмина хьалхара меттиг а луш, цунах ленински комсомолан совг1атан лауреат хуьлу. (и поэма вай т1ейог1учу урокехь йоьшур ю, Пет1а бохучу йоь1ан барз бу и, цунах лаьцна вайна Шаида тахана эр ду аьлла хета суна)
Ун деана шо, бода беана шо,
Махках даьхна шо, вай элир-кх
И ю-кх вайн халкъан дахаран къиза календарь.
Вай 1амо езаш йолу, цо язйина поэма «Аружа» ешча а хуур ду мел хала, чолхе зама хилла и.
Х1инца юккъерчу классера дешархоша д1агойтур ю «Аружа» поэми т1ера цхьа кийсак.И вай 1амочу хенахь шуна и пайде хир ю аьлла а хета суна.
( 7 «Б» классера дешархоша д1агойту «Аружа» поэма юкъара кийсак)
Вай элир-кх, Г1ум-Ази арахь дуьйна схьакхоллабеллера поэтан вайн къоман ц1енчу, хазчу г1иллакхашка, оьздангалле, иллешка, эшаршка болу безам.
Хьаг1 йоцу ц1ена безам, шалхо йоцу дош шен стихашкахь халкъан сине кхачош поэт схьавог1у 50 шо ду.
Цу ехачу хенахь поэто язйина кхо б1е гергга эшарш, иллеш, халкъан догъоьцуш, догъирах1иттош, дека ярташкахь, г1аланашкахь, лаьмнашкахь.
Дуккха а шераш хьалха, Иорданера веанчу Iабдулбакъин Джамон к1анта Х1арона, телевизорчохь дуьйцуш сайна хезнарг шуна дийца лаьара суна.
Шена дукхавезачу доьзалхочух, къаьстича а сатоха доьналла кхаьчначийн а Шаидан илли олуш хезча б1аьргех хиш девлла.
Х1арона дуьйцу ша а, шен накъост а Азаркъе (иза нохчаша йиллинчу яртех цхьаъ ю) ваха араваьлча, керла Нохчийчуьра деана касета магнитофона чу диллира ша. Ц1еххьана «Иордани-Иордани» - олуш хезна, машен юьстах а яьккхина сацийра шаьш. Шиннен а б1аьргех хиш девлира. Хазахетар совдаьллера. Юха а вирзина ц1ахь ладог1ийта ц1а веъна и шиъ. Чохь да-нана, доьзалш, лулара зударий хилла. Лакхийтина цара касета.
Шолг1а биъмог1а болабелча, зударийн белхарш иккхира. Дас магнитофон саца а яй, дерриге а цкъачунна арадовлар дехна. Юха xlopш чубаьхкича, ден ши б1аьрг билхина, т1еда бакъабалаза бара бохуш дийцира Х1арона. Цул т1аьхьа шайна хиира дешнийн автор мила ву, Шаид Рашидов Иордане хьошалг1а кхайкха веана ша бохуш дийцара цо, цу хьайн хьошалг1а вахарх дийцахьа тхуна, Шаид. (поэто дуьйцу ша хьошалг1а вахарх)
Ма ницкъ бу-кх хьоьгахь, илли!
Ницкъ бу хьоьгахь стаг велхо,
Хьаста, вело, дахарх дог ца дуьллуьйтуш,
Деган дикалла кхио.
Ницкь бу хьоьгахь Даймахках
Къаьстинчеран дог дика дан,
Дагалецамийн, мерзачу сатийсаман
Б1аьрхиш довлийта.
(ладуг1у «Иордани» иллега)
Иордани... Иордани...
Гене, суна ганза мохк
Бахнарш, тесна бащлам, аре,
Муха беха хьуна чохь?
Йицйеллий-те Кавказ царна?
Дицделлий-те шовданаш?
Дагахь дуй-те царах цхьанна
Ваьхна юрт я дедайн каш?
Дерриге я диц а делла,
Малхо боттуш, боцу-те?
Дегахь юй-те тулг1ещ Теркан?
Дагахь дуй-те Орга-хи?
Хазча халкьан илли декаш,
Хьодий-техьа б1аьргех хи?
Маршо йоцуш, Даймохк боцуш,
Хийра махкахь диси-те?
Ловзарш хаьдда, хелхарш доцуш,
Сатийсаран яйна ц1е?
Ларделлий-те г1иллакх къоман?
Бицбеллий-те ненан мотт?
Парг1ато а нохчийн лома
Кхачар хаьий, йой-те чот?
Я дог, ойла д1а а яьлла,
Мара къуьйлуш хийра мохк,
Ловш шаьш лолла, ловш шаьш къелла,
Беха коьртехь дижна дохк?
Аса боху: делхитийша
Дашо дог1а кхечанхьа,
Со сайн махкахь аш витийша,
Т1улгаш делхарх, билларх ша.
И дешнаш б1е шо сов хьалха цабевлла д1абахна Иорданехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а бехаш болчу вайнахе бина шатайпана кхайкхам, Даймахкан халкъан аз санна т1еийцира ладог1архоша.
Поэтан дешнаш цкъа назманийн, эшаран, иллин мукъаме доьрзуш, цхьана меттахь мотт таса ца луш, ахь и йоьшучу хенахь деган уггаре дуткъий пхенаш лекха долуьйтуш, юх-юха а лекхадаре кхойкхуш ду. Ахь байт йоьшучу хенахь цхьа ша-тайпа мукъам коьрте бог1уш ю
Шаидан дуьххьарлера илли «ломахь зезаг» (ша мукъам а баьккхина) д1ааьлларг вара хаза аз долу нохчийн сийлахь артист Магомедов Султан. 40 шо гергга хан, цул т1аьхьа яьллехь а, тахана а вай хазахетарца ладуг1у цу эшаре Минцаевс, Ахматовас локхуш а.
Цул т1аьхьа Дагаев Валида даьккхина илли «Сатийсар» тахна а олуш ду. «Чов», «Илланча сох винарг», «Дог дитна воьду со», «Шофёран илли», «Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь», «Гечделахь, нана»-иштта кхин д1а дуккха а Шаидан иллеш д1аолу вайн нохчийн сийлахь илланчас Дагаев Валида.
(ладуг1у «Гечделахь, нана» - 7 «А» классан дешархоша локху)
Шаидан иллеш дегнашка йовхо луш, сингаттам, г1айг1а, бала д1аоьцуш, хьехам беш, г1иллакх, оьздангалла кхойкхуш ду.
Иштта ду Iусмановс д1аолу «Сатийсар», «Хьуна моьтту», «Ломахь зезаг», «Хьуна ма моьттий », иштта кхин д1а...
Иштта Шаидан дешнаш т1ехь мукъамаш даьхна эшарш, иллеш а д1аолу вайна безаш а, бевзаш а болчу нохчийн сийлахь артисташа: Дадашева Т., Дудаев З., Абдулкеримов И., Токаев С, Кагерманова Р., Межиева М. иштта кхечара а.
Дуккха а ю поэтан ненах, доттаг1аллех, 1аламах, безамах, Даймахках лаьцна стихаш.
Шаидан кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу къаьстина ненах йолчу байташа. Цо яздо ненах массо дош цхьа ша-тайпана дагчу дуьжу. 20 шо хьалха Шаидан дешнаш т1ехь мукъам а баьккхина Дадашева Тамарас лекхна «Зама, хьо сих ма ло нанна т1е кховда» боху эшар массо нанна тахана а шена локхуш санна, деган йовхонца, т1еэцарца ладуг1у.
(«Зама, хьо сих ма ло нанна т1екховда» - эшара 10-чу классан дешархочо, Амадова Айзана)
Зама, хьо сих ма ло нанна т1екховда,
Иисинчу сан хенах дехьа ши дакъа.
Цхьа дакъа, доьху хьоь, цунна д1алохьа,
Со ирсе вехар ву лаьтта т1ехь т1аккха.
Парг1ат а хир вара кхерам д1абаьлла
Даг чуьра, дахарехь нанна гуо туьйсуш.
И ехаш хиларна самукъадаьлла,
Сийлалла, йозалла байташкахь юьйцуш.
Стигларчу малхал а йовхо ло нанас,
Баланаш д1аойу, г1айг1анаш йойу,
Берриге д1оьцу кийрара бала,
Хьох даьлла г1алат а чов ца еш дойу.
Х1ай зама, сих ма ло нанна т1екховда,
Иисинчу сан хенах ах д1ало цунна,
Массо и кийрара долу дош довха
Ду цуьнан, цо делла дахар а суна.
Зам. дир. УВР хиларе терра, хьехархойн урокашка яхар сан алсам хуьлу. Со нохчийн меттан хьехархо йолу дела, суна къаьйгина хазахета, со нохчийн уроке нисъелча. Юьхьанцар классе яхар нисделира сан дешаран уроке. Хьехархочо берашна шайна хазахетачу поэтан стих 1амае аьлла хиллера. Дукхах долчу бераша йоьшура Шаидан стихаш. Исраилова Хадижата ешна «Даймахке безам» стих шуна хазийта лиира суна:
Дерриге седарчий схьадаларх сайна,
Дуненан бахамаш кховдабарх схьа,
Хуьйцур бац сайн Даймохк массарел тайна,
Ког биллал меттиг а-ду и сан ц1а.
Аренаш, ламанаш вовшашца дог1у,
Сирла хиш, шовданаш мел чомехь ду,
Буьйсанна бутт стиглахь цхьа башха богу,
Гонаха хезаш берг ненан мотт бу.
Генарнаш, гергарнаш вовшийн чу леста,
Тешнабехк, ямартло цхьаьнггехь а яц,
Хьаг1 дагца лелош верг наггахь а вац.
Сий долчу сайн мехкан, хьомечу халкъан,
Сий лардеш са дала кийча ду дог,
Сан безам хир а бац цу шингге шалха,
Харц делахь хуьлийла шийла т1улг сох.
Шаидан стихаш эхь-бехкан, г1иллакхан, оьздангаллин бехкамаш ларбеш, нохчийн къоман ц1еначу синхаамех юьзна хиларал совнаха вовшех тера йоцуш, шен-шен маь1на долуш, даггара язйина ю:
Ирс дукха безамо, 1ийжабар кийра,
Сих-сиха мерзачу набарха вохуш,
Я бай т1ехь зезагаш,
Я стиглахь сийна, седарчий хьан хержа
йиш елахь вогуш.
-Йо1е болчу безамах, ненаца йолчу марзонех, Даймахках, халкъан, адамийн чолхечу юкъаметтигех ечу ойланех ю Рашидовс 60-80 шерашкахь язйина байташ.
-Цу хенахь Шаидан книжкаш вовшашка кар-кара а луш йоьшура. Поэтан стихийн сборник каро йиш яра хьехархочун портфель чохь, шофёран машен чохь.
-Кхин х1умма ца дийцича а, дуккха а наха йоьшура хилар а, йоккха дикалла ю аьлла хета суна вайн санна жимачу, шен мотт байна д1абала кхерам болчу къомана.
(Суна х1инца шуна дийца луур дара 80 шарахь со студентка йолуш, сайн Шаидаца гергарло тасадаларх лаьцна)
Поэтан т1аьхьарлерчу 10-15 шарахь язйина произведенеш йоьшуш вайна го иза ч1ог1а хийцавелла хилар. Поэтан исбаьхьаллин г1ирсаш, стихийн барамаш хьалхалернаш бу, теманаш а а хьалха хилларш ю коьрта долчунна.
-Амма чулацам кхин бу. Дац хьалхлера воккхавер, бац хьалхалера синайам.
Т1аьхьарчу 13 шарахь Нохчийчохь хилла бохамаш, х1аллакъхилла адамаш, йохийна, аьтта, ягийна вайн г1ала, дуккха а ярташ.
-Оцу массо а х1умане бен доцуш хьежалур вац цхьа а, ткъа поэт муххале а.
-И иштта хилар вайна го xlapa мог1анаш дешча:
Да воцуш диена вай,
Цхьа дела воцург,
Оьг1азло йина те,
Къизалла дебча?
Мичахь бу вайн Даймохк,
Нохчийчоь йоцург?
Кхузахь ду дайн кешнаш,
Вайн нанойн баьрзнаш
Уьш хьанна дуьсур ду,
Вайн махках девлча?
Хьан дийр ду до1анаш,
Еса а дешна? - боху дог-ойла йоьхначу поэта.
-Уьш автора кхоьллина х1умнаш дац. Иза вайна гинарг а, лайнарг а ду. (Хасарова Индирас, 11-чу классан дешархочо д1айоьшу «Дагца ладуг1у ас» ц1е йолу стихотворени)
-Оцу мог1анаша гойту вайна поэтана гонах мел дерг лазам хилар, цуьнан дог чевнех дуьзна хилар.
-Амма ца воьхна и стогаллех, доьналлех.
-Цундела бу аьлла хета суна, цуьнан' кханене болу тешам.
Декъаза Дег1аста, хала ду суна,
Ладог1а наггахь стаг висна вац хьуна,
Хийламмо баланийн къаьхъалла муьйлу,
Порасиз, йиш йоьхна, кийрахь дог къуьйлу.
Юха а кхоллало поэтан сатийсам: сатуьйсу кхачаре
нийсонан зама...
(«Иог1ур юй теша цхьа зама» стихотворени йоьшуАмпукаев Сайд-мохьмада, 10-чу классан дешархочо)Иог1ур юй теша цхьа зама,
Иовхонца кховдош ахь куьг?
Я вовшех къастий те Дала,
Къинхетам ца беш соьх цуьрг?
Хьо суна кхоьллина боху,
Зезагаш техкара дайн.
Къайлаха стиглане вохуш,
Батто кхаъ бохура шен.
Зезагаш шелоно дайъи.
Мархаша д1ахьулби бутт.
Езна йо1 кхолламо яйъи,
Ца кхойкхуш д1атий х1уттут.
-Амма поэт сатийсина ца 1а, иза тешна ву:
Духур ду харцоно даьттина ога,
Харцо ца яхийта кхин цкъа а кога.
Т1аккха вай дехар ду, серлонга девлла,
Хазлур ю дег1аста, керла бос эцна,
Маршонан, машаран т1емаш а хецна.
Рашидовн кхоллараллех дуккха а ду дийца. Цо вайн дахаран дуккха а аг1онаш чулоцу. Цунна тоьшалла до цуьнан книгаш^я.
Х1инца дешархошна а, тхуна массарна а хазахетар ду, Шаид, хьо вистхилча.
а) Дийцахьа, х1инца карарчу хенахь стенна т1ехьболх беш ву хьо?
б)Нохчийн маттахь язъян муха волавелира хьо?
в) Хьайна хазахетачарех, езачарех байташ ешар адоьху оха.

Приложенные файлы


Добавить комментарий