«Урок — сценарий: «Таймин Биболт»

«КЪОМАН ХАЗНА»

«Таймин Биболатан илли»
ц1е йолу нохчийн халкъан барта кхоллараллин
исбаьхьалла йовзийта лерина сценари.


( Х1ара суьйре д1аяхьа тарло юьртан клубехь, районан, я г1алин культуран ц1ийнехь. Сцена кечйина хила еза х1окху дешнашца: «Къам доцург-къонах а вац,шена бийца къонахий боцург-къам а дац».
Цига кхайкха лерина бу махкахь бевзаш болу нах 1илманан, культуран, искусстван нах а, яздархой а.
И чоь кечйина хила еза цхьацца вайн оьздангаллица дог1учу куьцехь.
Суьйре схьайоьллуш г1ийла бека дечиг-пондар).
(«Шовданан аз» й1е йолчу божарийн тобано д1аолу халкъан илли. Цул т1аьхьа сцени т1ейолу и суьйре д1ахьошъерг.)

«Шовданан аз» й1е йолчу божарийн
тобано д1аолу халкъан илли.
«Даймехкан косташ»


Д1ахьошверг:
Шуьга ду Маршалла, хьомсара накьостий,
Дехийла, ирс хуьлда, 1адъелаш шу ховший.
Шун оьзда г1иллакхаш – Даймехкан безам бу,
Барт болуш гулдалар – сан дагна хаза ду.

Д1ахьошверг:
Ц1еххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъостала дан лиъна,
Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со,
Дикачу к1енташка д1аала боху цо.

Д1ахьошверг:
Маршалла ду шуьга, тхан хьоме йижарий, вежарий!
Шуна ма хаъара вай дукха хан йоцуш д1аяьхьира вайнехан халкъан исбаьхьаллин хазна йовзуьйтуш суьйре.

Д1ахьошверг:
Х1инца тхо юха а дагахь ду, вайн халкъан барта кхолларалла кхин а дика йовзийта а, езийта а. Къаьсттина вайн кхиазхойн а, кегийрхойн дог-ойла а, тидам а т1ебахийта.

Д1ахьошверг:
Хьоме кхиазхой! Тхуна лаьа кхин а к1орггера шуна йовзийта вайн истори, культура. Вайн барта кхолларалле болу безам алсам- баккха а. Вайн иллешкахь, туьйранашкахь ма дийццара: доьналлица, майраллица, оьздангаллица, г1иллакхашца уьш хьесапе оьцуш, царах масала оьцуш туьйранашкара турпалхой санна шу дахийта.

Д1ахьошверг:
Генарчу, ширчу заманахь кхоллаелла барта кхолларалла. Меттан говзанчаша олуш хилла иллеш, локхуш хилла эшарш, дуьйцуш хилла исбаьхьа дийцарш, инзаре туьйранаш. Зама мел йолу хазлуш, к1арглуш, исбаьхьаллин кепе йоьрзуш хилла халкъан кхолларалла.

Д1ахьошверг:
Хийла иллешкахь, эшаршкахь, туьйранашкахь, тийжамашкахь, аларшкахь гучубовлу халкъан сатийсамаш, деган 1ийжамаш, церан баланаш, деган йовхо, хазахетарш, халахетарш, лаамаш.

Д1ахьошверг:
Вайн халкъан барта кхоллараллех лаьцна алсам произведенеш ешаро, йовза лааро г1о дийр ду вайн халкъан амалш, г1иллакхаш 1адаташ, оьздангалла к1орггера йовза. Цара санна и г1иллакхаш лело, оьздангаллех кхиа.



Д1ахьошверг:
Халкъан иллешкахь дуккха а бевза вайна халкъан турпалхой: Адин Сурхо, Аьккхийн Жанхот, Эвтархойн Ахьмад, Таймин Биболат а. Цу халкъан турпалхошна юккъехь къаьсташ хилла Таймин Биболат шен хьуьнаршца, доьналлица, майраллица, къаьсттина шен собарца.

Д1ахьошверг:
Вайна вевзаш волу г1араваьлла яздархочо Сулейманов Ахьмада шега: «Мел хила деза къонахчун собар?»- аьлла, хаттар дича,
-«Собар кхачаделча а, хила деза къонахчун собар»,- жоп делла цо. Ткъа Таймин Биболат хилла иштта доккха собар долуш къонах.
И вайна гучудолу цхьана дийцар т1ехь. Таймин Биболат шега къамел дечу стаге к1орггера тидам т1ебохуьйтий, цуьнга ла а дуг1ий, жоп ца луш дикка 1аш хилла. «Ткъа ахь суна жоп ма ца ло?»- аьлла, шега хаттар дича:
- « Со-м ладоьг1уш 1ара, кхин дуй- те хьан т1етоха х1умма а бохуш, хьан къамел ца хадо,- олуш хилла цо.
Оцу г1иллакхо гойту иза хьекъале, собаре къонах хилла хилар.



Д1ахьошверг:
Йог1учу 1уьйренца кхетачу малхаца,
Дуьгу нускал санна шен гила кечбина,
Чал дера герзаш шен юкъах дихкина,
И ваьлла вахара инарла ва волчу.

Д1ахьошверг:
Иштта гучуволу Таймин Биболат илли т1ехь. Цо дечу къамелехь го цуьнан доьналла, майралла. Шен турпал дег1 ца кхоош цо къийсар.

Таймин Биболат:
- Хьо кхойкху бах соьга, х1ай къена инарла. Хьо лаа кхойкхий – те?
Инарла:
-1уьйранна д1алаьллинарг сарахь ц1а дан ца дуьтуш,
Буьйса сирла еача, г1али гонах хьийзаш,
Буьйса 1аьржа еача, г1али чу леташ,
Полковникан йора дой, айхьа схьакхуьйлуш,
Хьо лелаш ву боху, х1ай Таймин Биболат.
Со кхайкхац ва хьоьга, ва Таймин Биболат,
Хьоь кхойкхург ву хьуна и Москохан ва паччахь.

Таймин Биболат:
И хьоьга дийцинарг бакъдерг-м ду хьуна.
Х1ай къена инарла.
Ас сийсара далийна полковникан йора дой
Цу ханнийн божалахь парг1атдахаза,
Хьо кхойкху ва аьлла, схьавеана ву со-ма
Кхана йог1учу хазачу 1уьйренца,
1уьйренца кхеттачу цу дашо малхаца
Цу Б1аьхон борзехь ц1ечу байракхашца
Со хир ву ала цу Москохан паччахье,
Соьца г1уллакх ва делахь, цу Б1аьхон Борзе вола ала,
Хьо марша 1олда, со ц1ехьа воьду.

Д1ахьошверг:
-Аьлла, д1авахар бах и Таймин Биболат.
Инарлица майра къамел до цо, кхин юха ца волуш.
Т1аккха, 1одика а йой , д1авоьду и шайн юьртара пхьоьг1ана.

Д1ахьошверг:
Вайн халкъо цкъа а ловш ца хилла харцо, ямартло, къизалла, тешнабехк. Ткъа Таймин Биболат хилла даимна халкъаца цхьаьна. Шена бахамаш гулбеш ца хилла цо. Жоьра зударшна, буоберашна, мискачу нахана г1о деш, церан дегнашка хьожуш, церан лаамаш кхочушбеш, хьоладайшца, элашца къийсам латтош хилла и.


Д1ахьошверг:
Къаьсттина боккха лерам хилла цуьнан зударшка. Зударшца къийсар пайда боцуш, дастаме хеташ хилла цунна.
Таймин Биболатна пхьоьг1ане т1ееъна ахча деха цуьнан зуда. Цо ахча а делла д1аяхийтина иза. Дукха хан ялале юха а еана зуда. Вист ца хуьлуш юха а делла цо цунна ахча. Ткъа накъосташа хьовзийна Биболат:
-Хьо-м оза ма ло хьайн зудчух, - аьлла. Биболата сарахь шайга хьошалг1а кхайкхина накъостий. Шаьш гулбелла 1аш, аьлла цо:
-Йолол, схьадал хьайн герз!. Зудчо м1араш, 1айгаш, кхин оьшу пхьег1аш схьа а еана шун х1оттийна царна.
Т1аккха Биболата шен юкъах долу герз схьа а даьккхина, охьа а диллина, хаьттина:
-Накъостий, ша х1ун къуьйсур ду кхуьнца?- аьлла.

(Илли олу «Шовданан аз» ц1е йолчу божарийн тобано).

Таймин Биболат:
Ассалам 1алайкум, юьртара ва к1ентий!
Шоьхий, Делахий волийла со,
Шух шена накъост оьшуш шуьга ас и бахахь,
Шений-шений хиинехьара, ша вог1ур вара,
Бохуш, т1аьхьенгахь бехкаш ца дахийта боху ас,
Со воьду цу Б1аьхойн борзе, инарла кхайкхинчу.

Д1ахьошверг:
-аьлла, юкъара къаьстира и Таймин Биболат.
Цунна т1ехьа х1оьттира цхьа к1еззиг к1ентийн ва тоба,
Дуьне дуьтуш буза боьду можа малх санна,
Юьрт юьтуш юьртаха елира и к1ентийн ва тоба.
Т1аккха вистхилира и Таймин Биболат.

Таймин Биболат:
- Сема ладог1алаш, х1ай к1ентийн ва тоба,
1уьйренца болийна т1ом суьйренга бахча,
Молхана к1уьрана дохк х1итта яьлча,
Саьмгалан хьожанна дой терса доьлча,
Стиглахь марха йоцуш декхначу дийнахь,
Молханан к1уьрана мархаш х1итта яьлча,
Борза т1ехь лечкъа волу к1ант д1акъасталаш шайна.
Вай доьлху шуна цу Б1аьхон барзе.

Д1ахьошверг:
Ткъа ша санна болчу къонахашца ч1ог1а к1оршаме, дог-майра, шен даш т1ера ца волуш хилла Таймин Биболат.

Д1ахьошверг:
1уьйранца болийна т1ом суьйранга бахара,
Молханан к1уьрана дохк х1итта елира,
Саьмгалан хьожанна дой терса девлира,
Стиглахь марха йоцуш декхначу цу дийнахь.
Молханан к1уьрана мархаш х1итта евлера.
И юьртан к1ентий борзах лечкъа ма буьйлира,
Ца виссал чевнаш шен дег1ах хилла,
Цхьа Дела воцуриг, кхин накъост воцуш,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла,
Цу халчу т1ам т1ехь ша цхьалха
Ма висар и Таймин Биболат.
Т1аккха мохь туьйхира цо цу юьртан к1енташка:

Таймин Биболат:
Х1ай елла йовла шу, ва юьртан к1ентий,
Ша ца элира шуьга вай дехачу юьрта йистехь,
Борза т1ехь лечкъа волу к1ант д1акъасталаш аьлла?
Жимчохь берахь дуьйна мерза доттаг1а
Лаьттина вара сан и Жумин Акхтула,
Дуй биъна вара тхойша вовшел т1аьхьа яр дуьне ца даа,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла
Дуьненах долу дог диллина ваьлла со,
Цу Жумин Акхтуле хаийта ваха к1ант вац техьа шулахь?

Д1ахьошверг:-аьлла, цо мохь тоьхча, ша воьду ва аьлла,
Кхокхашна юкъара к1айн куьйра санна,
Расхачу динца юкъара къаьстир-кха
Цхьа каде ва бере.
И чехка вахар-кха Жумин Акхтула волчу.


Жима бере:
- Ассалам 1алайкум, ва Жумин Акхтула!
Жимчохь берахь дуьйна схьа
Хьан мерза доттаг1а волу и Таймин Биболат,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла,
Цхьа Дела воцуриг, кхин накъост воцуш,
Т1ам т1ехь хьийзош ву хьуна,-

Д1ахьошверг:
-аьлла, д1авахара и динан ва бере.
Чал дера герзаш кечда вуьйлира и,
Цунах шекваьлла и къена Жума.

Жума: - Хьо стенна кечло, шен жима Акхтула?

Акхтула: Жимачохь берахь дуьйна шен мерза
Доттаг1а лаьттина волу Таймин Биболат,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла,
Цу Б1аьхон борзехь инарлин эскаран,
Халчу т1амо хьийзош ву боху,
Цига ваха воллу.

Жума: Х1ай, елла яла хьо, шен жима, хаза йо1,
Басарш, сабанаш хьекхна, хьо парг1ат йог1ур,
Ва лата къона ву хьуна ша къена Жума,
Жерошна теба хан йолуш ву хьуна ша къена Жума.
Схьаозал, цхьанделхьа, шен къена алаша.
Къеначу алашна кхерсташ т1еваьлла,
Дакъаза ма яла, шен къена алаша
Хьо шеца къанъелла, ша хьоьца къанвелла,
Хьо каде хилалахь таханлерчу кху дийнахь.

Д1ахьошверг:
Аьлла, тоьхна ткъес санна, чехка юьртах ваьлла,
И воьдуш кхечира цу халчу т1ам т1е.

Жума: Ассалам 1алайкум, ва Таймин Биболат,
Чевнаш декъала хуьлда хьан !

Д1ахьошверг:

Ч1ог1а воьхна хьевза Биболат шена къена Жума гича.
Шен цуьнга болу лерам гойтуш яхь д1а ца яла цу
кхехкачу т1еман к1уьрлахь улле вала кхин накъост
воцуш, яккхийн чевнашца ша воллушехь, шен
доьналлех ца вухуш т1ом бо цо шен мостаг1ашца.

Таймин Биболат:
Ва 1алайкум салам, марша вог1ийла, къена Жума,
Мел вон веа хьо, хьо вал доккха
Г1уллакх дацара кхузахь.

Д1ахьошверг:
Суьйренца болийна т1ом 1уьйренга белира,
Сахуьлуш седарчий уьдучу хенахь,
Седарчийн серлонаш къестачу хенахь,
Г1ирг1ано йохо кхокхийн тоба санна,
Инарлин эскаран кхолха го
Шалха бирзира,
Т1аккха вистхилир-кха вайшинна Таймин Биболат.

Таймин Биболат:
- Дакъаза ма вала, х1ай къена Жума!
Мел ч1ог1а чехадо-кха вайшинна гонах
Долу инарлин эскар.

Жума: Шен жима хаза йо1 йитнера ша,
Басарш, сабанаш хьоькхуш кечлуш,
Иза кхаьчча хир ю-кха кхуза.
Гила барзо дохо 1аьржа даций санна,
Инарлин эскар ша ч1ог1а дохош.

Акхтула:Ассалом 1алайкум, х1ай къена Жума!
Шел хьалха кхуза кхаьчна,
Ахь нисдинарг х1ун ду техьа?

Д1ахьошверг:
Аьлла, вистхилира и Жумин Акхтула.
Ша нисдинарг х1ун ду ша хаийта хьуна аьлла,
Почта хаьхкина воьдучу къеначу инарлина
Т1ехьа хийцир-кх къеначу Жумас шен къена алаша.

Жума: - Хьо ида ма ида, къанвелла инарла,
Идарх вер вац хьо, къанвелла инарла,

Д1ахьошверг:-аьлла, тур тоьхна, божийра цо инарлин корта.

Д1ахьошверг:
Шен мостаг1ий эгийна, юхавирзира и ши накъост.
Безамца маьрша, дог дика хилла.
Со волчу вог1ур хьо, луъучу хенахь,
Хьан дагах дог дустуш доттаг1а со ву-кха,
Олуш, д1асакъаьстир, тов, и нийса накъостий.

Д1ахьошверг:
Ма лалда вай, к1ентий, вовшех тешам байна,
Ма лалда вай, к1ентий, вовшех безам байна,
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва к1ант
И вича ма кхиа яра дуьне ва даа,
Нанас дена ма волда тешам боцу ва к1анат,
И вича ма кхиа дийнахь делкъалца.

Д1ахьошверг:
Иллин коьрта маь1на гучудоккху оцу дешнаша. Вайн къоман коьрта 1алашо хилла хьалха заманахь дуьйна кегийрхошна вайн оьзда г1иллакхаш довзийтар: яхь йолуш, майралла, доьналла, къонахалла, собар долуш уьш кхиор.
Собар - иза вайн къомо уггаре а ч1ог1а леринчу г1иллакхех цхьаъ ду.
Мацах, цхьа стаг веъна хилла боху Таймин Биболат волчу. «Хьо ч1ог1а майра стаг ву аьлла хезна суна, х1инца сох лата веза хьо»,- аьлла цо. Амма Таймин Биболата, цу сонтачу стагана чу ца г1оьрташ, собар дина, собар дарца ойла а йина, цунна дуьхьал дала деза жоп делла. «Со майралла къовсуш вац, г1иллакх къовсуш ву, цу т1е со ч1ог1а кхоьруш стаг а ву»-, аьлла Таймин Биболата. «И бохург х1ун ду? Оццул нахана юккъехь ц1е яхана стаг хьанах кхоьрур..?» – цецваьлла майралла къовса веънарг. «Со гуттар а юьхь1аьржонах, сайгара цхьа ледарло яларх кхийринаМайралла соьца ма къовсалахь», - аьлла, и сонта стаг д1ахьажийна Таймин Биболата.

Д1ахьошверг:
Шен иллешкахь халкъо хестабо турпалхой. Цара гойта шайн халкъана, махкана уьш муьт1ахь хилар. Церан дуьхьа шайн са д1адала уьш кийча хилар.

Д1ахьошверг:
Хьоме доттаг1ий! Кху т1ехь вайн цхьанакхетар чекхдала гергадахна. Дала мукъалахь, тхо лерина ду х1ара санна йолу суьйренаш кест-кеста д1ахьош, вайн халкъан хазнина шун к1орггера тидам т1ебахийта. Ладог1арна баркалла, Дела реза хуьлда!1одика йойла шун!

.












13PAGE 15


13PAGE 14815





Приложенные файлы


Добавить комментарий