Сценарий на День чеченского языка



25 апрель-Нохчийн меттан Де.«Ларбе мотт, хазбе и …»
1алашо: вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.
Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:
Видеоролик «Нохчийн мотт»
Звучит чеченская мелодия.
Вед.1-Де дика хуьлда ,тхан хьоме доттаг1ий.
Вед.2-Маршалла ду шуьга массаьрга ,х1окху дезчу дийне –Нохчийн меттан Дийне гулбеллачаьрга.
Вед.Дезденош тайп-тайпана ду :хьехархойн ,лоьрийн,студентийн иштта д1а кхин а.Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан Де?
Вед.Нохчийн мотт буьйцуш а ,1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а .Делахь х1ета ,массо а къоман.
Вед. Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,амал,г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар ,цо шен синкхетам самабаккхар ду.
Вед. НР президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.
Вед. Х1окху дезчу денца декъал дан вовшахкхетта вай школан хьехархой а, дешархой а, хьеший а. Дешархоша вайна тахана хазайтур ду нохчийн маттах лаьцна стихаш а, вайн Даймахках лаьцна иллеш а, вайн къоман хелхарш а.
Вед. Вай таханалера цхьанакхетар д1адолош дош лур ду вай лерамечу директоре Асланбек Омхаевиче.
Вед. 1илманчаша дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт лору.Нохчийн мотт-нохчийн къоман халкъан моттбу.
19-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хитар даржош даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу.Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш –уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш,ч1ог1а хьалдолуш бу»

Вед.Ткъа вайн г1араваьллачу яздархочо ,поэта Шайхи Арсанукаевс шайн «Ненан мотт» стихотворенехь аьлла хьекъале дешнаш.
Д1айоьша _____________________________________________________
Ненан МоттДоьзалехь бийцар а дастама хеташ,Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь."Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортаШа хууш волчунна вайн нохчийн мотт.Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!Мерза бу моз санна ша безачуннаЛаманан шовданал ц1ена бу и.Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнгаУслара даггара хестина и.Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш Даима ша хилла нохчийн мотт бу.Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. Нохчийн майралла, оьзда хийла Зевнечу иллешкахь йекийна цо! Сийлахьчу Октябро шуьйра некъ белла, Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду. Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла, Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу. Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо чьалха вуй! Вед.Цу хенахь дуьненан воккхачу яздархочо Лев Николаевич Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а ,хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу ,нагахь кхочуш дика иза хууш хьо велахь»Цо билгалдинарг мехала маь1на ду.
«Даймохк» ц1е йола илли д1аола Майрханова Мархас.
Вед. Нохчийн меттан хазалла а, исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша ,поэташа а Билал Саидовс,Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа.Х1инца цаьрга цхьайолчаьрга вай ладуг1ур ду.
«Со вина Кавказан ломахь» ц1е йола Абузар Айдамировс язъина стих д1айоьша __________________________________________________________________
Вед. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:
Хьешашка – оьзда,
Доттаг1чуьнга – мерза,
Мостаг1чуьнга – буьрса,
Захалонна – хаза,
Масла1атана – к1еда,
Берашка – эсала.
Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарлонна.
Вед.Мотт ц1ена а, говза а буьйцучу стаге ладог1а ца к1орда до.Оцу адамех ву вайна массарна а хьомсара волу Зайнди Джамалханов.
Вед.Нохчийн къомах цхьа а стаг вац иза ца вевзаш.Цунах тахана дукха наха «меттан да» олу .Меттан 1илманча ,поэт,яздархо санна вевза вайна тахана З.Джамалханов.
Вед.Халкъан академика,профессора З.Джамалхановс нохчийн матах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна ю.Мотт адамийн уьйран а ,кхиаран а,къийсаман а г1ирс бу.
Халкъан мотт – халкъан историн куьзга ду.»
Вед. Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а ,вина мохк а ,къоман 1адат а,г1иллакх. Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане ,Шеме ,хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь..
Вед.Сулейманов Ахьмада аьлла:»Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш ,вовшех даьккхича кхуьа а леш –Даймохккий,ненан моттий ,халккъий.» Тахана а ду сийлахь а,деза и кхоъ-Даймохккий,моттий,,къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш.
Даймохке марзо йуьйцуш илли д1а ола Елизбаева Танзилс.
Вед. Ненан меттан сийлахь хиларх теша до вай Мамакаев Мохьмада: «… шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.» бохучу дешнашца.
Дешархо :стих Ш.Арсанукаев «Весет»
Хазнашлахь хазна ю ненан мотт къоман ,Ненан мотт мел беха къам дуьсу даха ,Ткъа нагахь, мотт шеен лахь, къам лей д1адолу
ненан мотт бицбинарг сийсазво наха.
Нохчийн мотт-и къоман синхазнийн хьостаЛарбина къийсамехь массо а ханнаРаг1 х1инца хьоьгахь Д1аэций хьастаДен весет кхочушде къонахчо сана
Ларбе мотт,хазбе и ца еш мало
Т1аккха хьайн весет деш к1анте д1ало.
Вед.Нохчийн мотт, хьо бека бисалахьтахконза дисинчу аганна,
ненан мотт,хьо хезчохь бисалахьНана мел езачу бераннаНохчийн мотт хьо бийца бисалахьНенан мотт мел безачуннаНохчийн мотт ,хьо баха бисалахьНохчийн къам мел деха цуьнца.
Вед. Байсултанова Асета гойтур ду вайна ша кеч дина совг1ат.
Вед. Вай таханлера цхьана кхетар д1адерзош дош ло Малика Селимовне.



Приложенные файлы


Добавить комментарий