«Открытое мероприятие на День Чеченского языка «Хьо бека бисалахь, сан ненан мотт»


Классал арахьара болх
127254054038500
1215390164465000«Ненан мотт, хьо бека бисалахь».

Салам – маршала
Даймехкан курачу цу лаьмнийн баххьашкара – кураллех дуьзна.
Даймехкан шийлачу шовданийн хишкара ц1еналлех дуьзна.
Даймехкан башхачу 1аламан исбаьхьчу юьхь т1ера – хазаллех дуьзна.
Дикачу дас – нанас вайнехан 1адатехь кхиийначу т1аьхьенан оьздачу, маьршачу доьзалан ц1ерах.
Къоман юьхь – сий лардеш, цхьа оьзда кхиинчу вайнехан дикачу мехкарийн – йижарийн ц1арах.
Даймохк безар, жимчохь дуьйна, дагах, дег1ах, т1амарх доьлла.
Махкан хьанала, тешаме кхиъначу, яхь йолчу вайн к1ентийн – къонахойн ц1арах шуьга ду, доттаг1ий, Салам – Маршала!!!
1 –ра д1ахьошверг:
Де дика хуьлда шун массеран а.
2 –г1а д1ахьошверг:
Бекахьа, г1аттахьа ненан мотт,
Хьайн меттан хазалла
Дуьнене кхайкхош,
Саламов Наиб- Илли «Нохчийн мотт»
Арсанукаев Шайхи
1 куплет 2 куплет
Йист йоцу х1орд сана, Нохчийчун майралла
Бу хьуна шорта, Оьздалла хила,
Ша хууш волчунна Зевнечу иллешкахь
Вайн нохчийн мотт. Екийна цо.
Г1иллакхе оьзда бу, Мерза бу моз сана,
Доттаг1че буьйцуш Ша безачунна.
Мостаг1че вист хуьлуш Ламанийн шовданал
Ду ира герз. Ц1ена бу и.
3 куплет
Б1ешераш хийла д1а
Ихна и бекаш.
Хьацарла къийсамехь
Кхиъна и бу.
Кавказан лаьмнашкахь
Эшаре баьлла
Вайн дегнаш г1иттадеш
Нохчийн мотт бу.
1 – ра д1ахьошверг:
1аламат мехала а, деза а г1уллакх ду шен ненан мотт безар. Муьлхачу къоман меттанаш санна доккха маь1на долуш бу вайн нохчийн мотт.
2 – г1а д1ахьошверг:
Массо а стаг, муьлхачу къоман велахь а, шен ненан маттаца кхуьу. Мотт а, къам а цхьана доьзна ду, х1унда аьлча къам ца хилча, мотт хир бац, ткъа «Нохчо ву со» - бахарх тоьаш дац, хьайн ненан мотт бийца хьо хууш вацахь.
9 – б класс. «Мерза мотт» Ваха Ахматов.
Мерза мотт, хьо кхоьллинчо, Гина доцу гергарло,
Хьо мел тайна кхоьллина, Ахь д1атосу безамца.
Хьан хазалла евзинчо, Юкъаметтиг , ледарло
Хьо мел сийлахь лийрина. Ахь д1ахутту лерамца.
Бина ша ахь дагана, Ахь оьг1азло ястайо,
Хьайн 1аьнарца башабо, Ахь чевнашна дарба до,
Лулахь, кертахь томанна, Ахь барт, машар айабо,
Хьайн комаьршо 1анайо. Ирсе новкъа верзаво.
Хийла да ахь зуламах,
Хьалхавоккхий вахаво.
Кхиам боцчу ч1е1амах,
Парг1атвоккхий, къагаво.
Сценка Нускало йина нийсо» Баснакъин Вахьидан Махьма «Исбаьхьа шовда»
5 – б класс. Дакъалоцурш:
Автор – Айгумов Умар
Нус – Умалатова Амалина
Марда – Дужуев Абу
Марнана – Хасуева Альбина
Автор - К1антана далийна нускал хилла. Ловзар д1адирзина де, ши де, к1ира а даьлла, амма нус хи т1е а яхана, хи дан йоллуш ца хилла. 1уьйренца хьала а г1оттий марнанас хи дохьуш хилла. И г1уллакх нахаладала а доладоьлла.
Марнана – Ва, Дела! Ма доккха х1ума ду хьо, цкъа парг1ат ер йолуш ца хилла – кх со. Нус ялийча садо1ур бохуш 1ийнера со, мичара, кхин т1е кхийти сунна г1уллакхаш. Парашуташца чукхуьссуш хилча а , сан керта южур яра- кх х1ара.
Марда – Йоккха стаг, ахь х1ун до? Хьо ма оьг1аза яхана ю.
Марнана – Дера хаац сунна х1ун дийр ду а. Х1инца наха а дийца долийна, керладалийначу нускало хи а ца дохьу, марнана хи т1е оьхуьйту бохуш. Со – м 1ад1йир яра, х1ара нах ца 1а – кх. Юьхь дуьхьал а муха эр ду ас цуьнга?
Марда – Дера, йоккха стаг, юьхь – дуьхьал д1а аьлча дахьара цара. Хьуна ца девза и х1инцалера шайт1анаш.
Марнана – Суна – м ца хаьа, х1ун дича, х1ун хир дара а?
Марда – Собардел, йоккха стаг, сунна цхьа х1илла дагадеана.
- йоккха стаг, кхана 1уьйранна хьалаг1евтичавайшиммо къовса деза:
- Хи т1е хьо г1ур юй, со г1ур вуй, аьлла. Т1аккха мукъане вайшинца яьхье а яьлла, со г1ур ю цига – м, аьлла, хи т1е г1ур яцар – те и вайн нус.
Марнана – Дера дика дагадеана хьуна иза.
Марда – Кхана са ма – хилли и кеп х1оттор ю вайша. Ткъа х1инца хан яьлла вайна, жима сада1а деза вай.
Автор – 1уьйранна хьалаг1евттича марнана к1удал а эцна араг1оьртина, т1аккха марда дуьхьал ваьлла хи т1е со г1ур ву аьлла.
Нус – Ва, х1ун хилла шуна? Дицийша, суна а, кхетаяйша со а.
Марда – Ас ос г1ур ву бах хит1а.
Марнана – Ткъа ас со г1ур ю бах.
Нус – Собардел, собардел, къийса ма къийсал. Дада хьо 1уьйранна г1о, ткъа мама хьо суьйранна г1о хи т1е. Шаьшшина лаахь хийцадала а мегар ду шуна. Кхерийна чохь мел долу са даьккхи – кх аш цхьаъ хилла моьттуш.
Автор – Иштта нийсо йира боху, нускало. Амма со г1ур ю эр долуш ца хиллера нускал.
1 – ра д1ахьошверг:
Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза.
«Мотт – иза къоман са а, адамаллин куьзга а ду». Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар. Дуккха ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна стихотворенеш. Царах цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьйтуш.
8 – в класс «Ненан мотт» Хатуев 1абдул – Хьамид
Лаьмнашкахь малх кхетча,
Дуьйлало хиш,
Б1аьстено къагадо
Со вина латта.
Эзарнийн озаца ас лоькху йиш
Сайн ненан маттахь!
Сан метан жовх1араш,
Х1орд хилий 1ана.
Стаг вац со,
Шун аьзнех къастахь.
Дуьххьара дош ду ас
1амийнарг: «Нана» -
Сайн ненан маттахь!
Г1елбелла ненан мотт,
Ца оьшу кхин,
Аьлла шайн
Нийсархо г1аттахь,
Алалаш цуьнга:
«Хьан дайна сий», -
Шайн ненан маттахь!
Сценка «Йоккха стаг а, электрик а». Дакъалоцурш 5 – б класс.
Йоккха стаг ю трубка чухула къамел деш:
- Але, МЧС юй х1ара? Буьйса ю, со чиркхаш дайна, боданехь 1аш йолу.
- Х1а – а электрике тоха боху ахь? Суна карор вуй иза? Телепон номер юьйцу боху ахь? Х1ан – х1а ахь д1атухур ю боху ахь? Х1а – а схьайийца боху ахь? Дика ду, дика ду. Дела реза хуьлийла хьуна.
- Але, электрик вуй хьо? Чиркхаш дайна боданехь 1аш йолу пхиъ буьйса ю со. Вог1ур вацар хьо бабиниг. Дика ду, дика ду.
Электрик – Де дика дойла хьан, йоккха стаг. Х1ун хилла бах ахь?
Йоккха стаг – Чиркхаш талур дарий хьоьга, бабина а мА ца лаьа боданехь 1ан?
Электрик – Цхьа проблема яц, бюджет хилчахьана.
Йоккха стаг – Бюджет х1ун ю ца хаьар сунна, сихха д1атодехьа, бабиниг.
К1ант – Ассалам 1алейкум! Схьакхечи хьо?
Электрик – Ва 1алейкум ва салам!
К1ант – Х1ун мах хир бу хьан?
Электрик – пхийтта туьма
К1ант – Д1аэца (ахча д1а ло). Амма бабас катухий схьадоккху.
Йоккха стаг – А-а а х1ара ю иза бюджет? Ахь мА дуккха доккху?
Электрик - Баба и мах бу – кх сан
Пхи туьма – хьалаволург
Пхи туьма – чиркх тобийриг
Пхи туьма – охьавуссург
Йоккха стаг – Х1а д1аэца. Пхи туьма хьалаволург, пхи туьма чиркх тобийриг, охьа хьайна лаахь восса , ца лаахь ма восса хьо.
2 – г1а д1ахьошверг:
Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза а доккха хьекъал ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза. Ненан мотт ца безачунна, шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо, ненан сий а лардийр дац.
1 – ра д1ахьошверг:
«Вешан дай сана нохчий хила диса дезаш дув ай».
Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерчу дийне кхаччалц кхиош хила къонахий и раг1 вайна т1екхаьчна х1инца. И къонахий кхио беза аганан илли шен ненан маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш.
Далиева Раима 8 – б класс «Оьздангалла»
Нохчийн фольклор (народная песня)
Дависахьа оьздангалла,
Хьо масаьрца х1унда яц те,
Езачунна мА йораха ю,
Мах хоттийча мел еза ю.
Дависахьа вайн дай г1иллакх,
Хьо масаьрца х1унда яц те,
Хьо шеца ерг ма вехаш ву
Шеца йоцург мел миска ву
Дависахьа маьлхан дуьне,
Мел хаза ду, мел сирла ду
1ехавелла лелаш вериг
Ца кхета вай новкъавала.
Дависахьа оьздангалла,
Хьо масаьрца х1унда яц те.
Езачунна мА йораха ю,
Мах хоттийча мел еза ю.
Сценка «Муьлха меттиг ю хаза?» 1кл Х1оттийнарг: Ахмадов Муса
Илли «Сан Даймохк» Дужуева Иман
язийнарг: Дикаев Мохьмад.
1 куплет
Нанас берахь дуьйна,
Суна хьо хазбина.
Хьоьга дагардуьйцуш
Хийла ойла йина.
Припев:
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк
Ахь кхиийна, ахь стаг вина,
Со новкъа велира.
2 куплет
Хьуна гена ваьлла,
Херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма
Суна хьо хетара.
3 куплет
Х1ора йог1у кхане
Хьоьца йоккхур бохуш.
Винчу махка кхача
Ас сатийсинера,
4 куплет
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьсттина
1алур ца хиллера.
2 – г1а д1ахьошверг:
Аганара г1аьттича цу к1антана бакъ болу къонахийн собар, доьналла хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалла дан масал эца, цаьрга нисвалар 1амош. Дас халонаш лан, осалниг емалдеш, г1ийлачун г1о – лаца кечван веза шен во1. Иштта вайн нанойн масалш т1ехь кхио беза мехкарий а.
Айгумов Ваха 8 – в класс «Нохчийн мотт»
Хатуев 1абдул – Хьамид.
Вайн мотт дуй те Вайн мотт дуй те Х1ан – х1а, дац и
Маьлхан зезаг Дашо хьоза, Зезаг, хьоза,
Я ахь буьйцуш, Мохехь, малхехь Бац и аьрха
Хетало? Ийъалуш, Маса дин…
Дуьне, эхарт, Хазчу иллийн Мазал мерза,
Вевза – везарг Доцуш доза, Пхьерал говза
Сунна – м дерриг Маьлхан нуьрца И марзбинарг
Диц ма ло! Къийсалуш? Ву Зайнди!
Сценка «Дикий, Дукий» 8 а – б класс
язйинарг : Ахмадов Муса.
Шеларчу Соип – Моллас а аьлла, маттах лаьцна х1ара дешнаш:
«1аьрбийн мотт 1амабелаш ийманан мотт бу шуна;
Нохчийн мотт ларалаш- ненан мотт г1иллакхан мотт бу шуна;
Оьрсийн мотт хаалаш шайх хила доллург хуур ду шуна;
Ингалсан мотт 1ама белаш бахаман мотт бу шуна».
2 – г1а д1ахьошверг:
Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. Ткъайоьссалг1ачу б1ешарехь ваьхначу Кавказан этнографа воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:
«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш ч1ог1а хьалдолуш бу».
Эшар «Г1арг1улеш» Вокальная группа « Седарчий» Нохчийн фольклор
1 куплет
Лаьмнашкахь хьун ловза яьлла
Цо шен узам бо
Дато т1улг боькъуш даьлла
Шовдано шен илли аьлла.
2куплет
Даймохк хьо ю сан йовхо, сан йовхо
Лаьмнийн зевне мукъам мерза
Дагца лелабо,
Дарйина чов сиха ерзош.
3 куплет
Дарбалуш цо до вай реза
Даймохк хьо ю сан марзо, сан марзо.
Арахь шийла дог1а оьху,
Оьгуш г1аш а го.
4 куплет
Г1арг1улеш къилби йоьлху
Сан сагатлуш б1аьргаш доьлху
Даймохк хьо ду сан илли, сан илли.
1 –ра д1ахьошверг:
Мотт иза муьлхачу халкъан истори ю. Цуьнан хилларг а, долуш дерг а ду и. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Массо а аг1ор бийца тарой олуш бу вайн нохчийн мотт:
Хьешашка – оьзда
Доттаг1чуьнга – мерза
Мостаг1чуьнга буьрса
Захалонна - хазаМасла1атана – к1еда
Берашка – эсала.
Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо.
2 – г1а д1ахьошверг:
Оццул ч1ог1а хесточу вайн меттан хазалла йовза а, цуьнан сий – ларам бан а вай 1амош, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьздачу г1иллакхех ца духуш, нийса некъ д1абахьар хьоьхуш болх бечу массо а хьехархошна а, яздархошна а даггара баркалла ала лаьа тхуна.
Гутиева Иман 7 класс «Корехь серло»
Вокальная группа «Седарчий». Эшар «Даймохк»
1 куплет
Сунна – м хесто к1ордор дац,
Сан хьоме Даймохк.
Лекха лаьмнаш, шовданаш
Шера аренаш.
Припев:
Хьан боса зезагаш,
Хьан догц1ена адамаш.
Сунна – м хесто к1ордор дац
Сан хьоме Даймохк.
2 куплет
Мичахь хиларх даг чохь бу
Сан хьоме Даймохк.
Хан мел ели ч1аг1луш бу,
Хьоь безам Даймохк.
Припев.
3 куплет
Не устану, воспевать,
Родину свою!
Горы, реки и поля
Небо синеву
Припев.
1 –ра д1ахьошверг:
Хьоме хьехархой а, лераме хьеший а шетен хан зама а йойуш тхоьца яьккхиначу ханна Дела реза хуьлда шунна! Т1аккхахула дуьйла тхо долчу хьошалг1а!
Эшар «Высоко в горах» Умалатова Амалина
Язйинарг : Басханова Элиза
Высоко в горах
Где орлы вьют гнезда
Волчьи стаи вою на луну
Где – то далеко эхом отзовется песней,
Что про родину сложу.
Припев:
Пой запевай, не уставай
Воспевать ты родину свою,
Где бы ни был ты, кем бы ни был ты
Прославляй отчизну ты свою.
2 куплет
Быть во всем должны грядущим поколениям
Мы примером чести и добра
И верны всегда заветам наших предков
Гордо все обычаи храня.
Хелхаран бал.


Приложенные файлы


Добавить комментарий